Кешнийн хьаьрмана гонаха акхтаргаш дуг1уш бу аргунхой

img-20170414-wa0049
img-20170414-wa0072
img-20170414-wa0064
img-20170414-wa0046
Фото: newargun.ru

Март бутт болабелчхьана Аргун-г1алахь х1ора денна д1айоьлхуш ю субботникаш. Мухьаммад-Пайхамаран хьадисо ма бохху: «Ц1ано – ийманан ах ю». Цу т1е а доьг1на шайн шахьар нехех ц1анъеш, синтарш а дуг1уш, йолчу т1е а, куьце ялош вовшахтоьхначу белхешкахь жигара дакъалоцу г1алин предприятийн, организацийн, учрежденийн белхахоша, мог1арерчу бахархоша. Юьртден Темирбаев Ибрах1иман д1адолорца Аргун-шахьрахь сихчу боларшца д1ахьош ду коьртачу урамийн йистошца, майданашкахь, шахьар чуй-арий волучохь йолчу арканаш гонаха туяш, можжевельник, базанан синтарш дог1ар.

Х1инцале д1адоьг1на даима баьццарчу куьцехь хуьлуш долчу оцу диттийн б1еннаш синтарш. Баьццарчу духаро йолчу т1е а хазйина, исбаьхьчу куьце ерзийна Аргун-шахьар.

Ур-атталла п1ераскана дийнахь а совцуш бац Аргун-г1ала ц1анъяран, куьце ялоран белхаш. 14-чу апрелехь  юьртдас Темирбаев Ибрах1има а, цуьнан г1овсаша Дудаев Сайд-Хьамзатий, Гокаев Лечассий, г1алин депутатийн Советан  председатела Башаев Эскирханий куьгалла а деш синтарш дог1аран белхаш д1абехьира Шела аг1ор боьдучу Шоссейни урамехь долчу коьртачу кешнашкахь. Кешнийн кертана 2 метр чохьа а узуш, некъаца хьала-охьа, цхьатерра нийса, туй тасаза шайн б1аьра а хьажалур воцуш хаза, исбаьхьа, шиъ-ах метр лекха а долу акхтарган синтарш д1адуьг1ийра белхех баьхкинчара. Кешнийн хьаьрмана гобаьккхина дог1а лерина ду акхтаргаш.

 

А. ТАЗБИЕВ

http://newargun.ru/wp-content/uploads/2017/04/VID-20170414-WA0057.mp4

 
По теме
Террористы из "Крокус Сити Холла" могли быть под действием психотропных веществ - ИА Грозный-информ Правоохранители не исключают, что совершившие теракт в "Крокус сити холле" находились под действием психотропных веществ, проводятся необходимые экспертизы, сообщил РИА Новости источник в правоохранительных органах.
ИА Грозный-информ
Алимхан Ихаев назначен главным внештатным специалистом по скорой медицинской помощи СКФО - ИА Грозный-информ Министр здравоохранения Чеченской Республики Адам Алханов провел рабочую встречу с главным врачом Республиканской станции скорой медицинской помощи Алимханом Ихаевым.
ИА Грозный-информ
В городе Аргун планируется создание школы креативных индустрий - ИА Грозный-информ В Министерстве культуры ЧР состоялось совещание в режиме видеоконференции по вопросу реализации «дорожной карты» - создания в регионах России школ креативных индустрий в 2024 году в рамках федерального проекта «Придумано
ИА Грозный-информ